ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевна йина кхел йовзуьйтур ю кху беттан 18-чохь


Титиев Оюбан гIуллакх листар дIадерзош пренеш хилла Шеларчу кIоштан кхелехь. Шинарин дийнахь боккхачу барамехь наркотикаш лелорна бехкевинчу "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочо элира шен тIаьххьара дош.

Шена хаьа, хан а тоьхна, ша чувуллур хилар, цундела Далла тIе болх а биллина, цо динчунна реза ша, бохуш вара Титиев.

Суьдхочо бинчу хаамца, бакъонашларъярхочунна йина кхел йовзуьйтур ю Марсхьокху-беттан 18-чу дийнахь.

Пренешкахь прокурораша дийхира Титиевна 4 шо колонехь даккха хан а, 100 эзар сом гIуда а тохар. Адвокаташа дийхира иза бехказваккхар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG