ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гацаев СаьIид. Мох бели...

Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:00:48 0:00
Линкана тIе

Гацаев СаьIид

****

Мох бели – гІа ца лести.
Ло дуьйжи коьрта тІе.
Со винчу лаьмнех къаьсти,
Сахьийзо къемате.

Некъ хаьдда хьалха боьду,
Мел везнарг геннахь вов.
ГондІа бу шийла бода,
ГондІа ю шийла ткъов.

Хьо къаьхьа хьаьдда болар!
Іаьржъелла маьркІаже!
Хаза а ер ас ойла
Цкъа тІаьхьа меллашехь.

ЛадоьгІча хІинца кесттехь,
ДІайовш и гІовгІа-гІар,
Дагахь ю цІера бІаьсте,
Со сецош новкъара.

Делахь а…Хьадий чехка
ДІагІо хьо хьалха, некъ.
Ма-луъу уьш схьалехка –
Чекхвер со халонех!

XS
SM
MD
LG