ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьа кIад боцург иза долуш санна, Беслан йицъян гIерта Iедалхой"


"Бесланан къарданза аьзнаш" цIе йолу кино гайтира дахначу мукъаденошкахь Прагехь. Филман презентаци ян баьхкинера "Бесланан аз" организацин векалш Кесаева Элла а, Цирихова Земфира а. "Кавказ.Реалии" портална еллачу интервьюхь цу шиммо дийцира, шайн кино Оьрсийчохь гойтур цахиларан бахьанех а, ишта тIедожийра, 15 шо хьалха 334 стаг а вуьйш, 810 -нна чевнаш а еш, Бесланехь хиллачу трагедина бехкеболчарна таIзар дар.

- Европан кхелехь шу тоьллачул а тIаьхьа, лоьмар 1 йолчу Бесланан школехь хилларг талларехь кхи керла хIуммаъ дуй?

Кесаева Элла: 2017-чу шеран Гезгамашин-баттахь Европан кхело шайн сацам бовзийтира, пачхьалкхан бехк хилар дIа а кхайкхош. Оьрсийчоь декхарейира компенсаци охьадилла. Страсбургерчу кхелахоша мел листина факташ Iаламат мехала ю тхуна, хIунда аьлча, вайн пачхьалкхехь иштта лерина талламаш бина бацара. Кхо бутт хан елира кхелахоша, компенсаци дIакхачо. ТIаьххьарчу дийнахь чоьта тIе делира ахча. ЕСПЧ-н сацаман хьалхара тIебиллам тергамза битира Iедалхоша. Цундела оха кехаташ яздира талламан органашка, Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхелахойн сацаман бух тIехь. Талламбар доьхура оха. Жоп а кхечира тхуна-м, бакъдерг аьлча, цуьнга сатуьйсуш а дацара тхо. БIеннашкахь бинчу сацамех кехаташ кхочура тхоьга - Бесланан трагеди лайначийн гIуллакх талларе сатийсар эрна хуьлура. Дуьхьало йора. Иштта тергамза бити ЕСПЧ-н сацам а.

- Шуна хетарехь, объективе таллам маца бийр бу Оьрсийчохь оцу гIуллакхан?

Кесаева Элла: 2004-чу шарахь хилла Iедал лаьтта тахана а: изза президент, министраш гена ца бевлла, даржашкахь хийцабалар доцург. Цаьргахь ницкъ бу талламчашна а, кхелашна а тIеIаткъамбан. ХIокху масийтта шерашкахь дуьхьалонаш латтош, схьабогIуш ма бу уьш. Со харц елахь, хIунда ца толлу Бесланан трагеди телламчаша Хасавовс, я Халина?

Цирихова Земфира: Со тIетов Эллина. Дегайовхо ю тхан, цхьа хийцам хир бу аьлла. Бакъду, и нах Iедалан коьртехь мел бу, дикане дог дохийла-м яц.

- "Путин Бесланан палач ву" аьлла, йоза тIехь долу футболкаш а йоьхна, шу арадевлчхьана, цхьайолчу хьосташа хаамбора, трагедина леринчу акцешка дакъалаца шу кхойкхуш дац бохуш. Муха лайра аша иза?

Кесаева Элла: "Тхо кхайкха дезара" аьлла, процедура яц. Хьаькамаш хуьлу кхойкхуш, ткъа тхо тхайн лаамехь доьлхура хIоразза а. Бакъду, хIетахь оцу футболкашца тхо гучудовларца, чIогIа цецбаьхнера оха Iедалхой. Цул тIаьхьа бахархошка дезинформаци дIакхачо гIертара уьш. Тхан акци йирзинчул тIаьхьа заьIапхошна лерина концерт дIаяьхьира. Теракт хилла 13 шо даьллачул тIаьхьа дуьххьара дагабаьхкинера инвалидаш а.

Цирихова Земфира: Сайн берашца цхьаьна хиъна Iийна ю со школан спортан хIусам чохь, хIетте а со бараме кхайккхаре сатийса деза ас? И хIун къамел ду!?

Кесаева Элла: Кхаа дийнахь республикан Iедалхой тезетан барамашка оьху, нагахь уьш ца болхахь, шайх лаьцна дика дуьйцур доций ма хаьа царна. Цундела оьху уьш, ца богIу сагатдеш, тхан бала бекъа Iалашонца-м. Гезгамашин-беттан хьалхарчу кхаа дийнахь хIуъа а до федералан хьаькамаша, Беслан дага ца лаца. Делахь а, и тема дIа а къевлина, йицъян йиш яц церан. Халкъо диц ма ца до. ХIара цхьа кIад боцург долуш санна, дицдан гIерта Iедалхой. Тхан лазам хилла ма ца Iа хIара, доллу дуьненан трагеди ма ю и.

- ХIокху хиламех поп-културан дакъа хуьлуш лаьтта. Масала, Москвахь Модан кIира дIахьочу заманчохь, Бесланна лерина бедарийн коллекци гайтира. Шуна муха хета и кеп?

Кесаева Элла: Iаламат дика хета. Тхуна гира и коллекци. Иэс стенцца гайтахь ам- хуьлийла и духар, зезагаш, я тиналлин минот, - и дерриге а тхуна мехала ду. Амма тхуна новкъадерг хIун ду аьлча, Бесланан трагедин рогIера шо кхочуш, Беслан хилла йоцуш санна тапъаьлла Iар.

Цирихова Земфира: Суна а чIогIа деза ду, муьлххачу кепехь делахь а, нахана и де дагахь латтар. Тхайн ма-хуьллу, и де диц ца далийта бахьанаш лелош схьадогIу тхо, тхо юхадоьрзур а дац, оцу трагедина бехкехилларг гучуваккхалц.

- Шуна бевза бехкенаш, амма церан цIераш дIакхайкхо лууш ду-кх шу?

Цирихова Земфира: Со ву бехкениг аьлла, цхьа а гучувер ма вац. Тхо кхеташ ду, бехке мила ву.

- Къилбаседа ХIирийчохь шо шаре мел долу Бесланан трагедига болу хьажам хийцалой?

Кесаева Элла: Шераша шайниг до. Европерчу адмийн бакъонийн кхелан сацам ца хиллехь, суна хетарехь, меттигерчу Iедалхойн лаамца, Бесланехь хиллачух дуккха а мифаш яржор яра. Шайн ма-хуьллу и дан гIоьртира уьш. Масала, лоьмар 1 йолчу школана дуьххьал керла доьшийла дIахIоттийра. ХIора Iуьйранна цу чуьра схьахезара, школехь йийсархой кIелхьарбаьхна спецназхо вазвеш йиш. Беллачу спецназхой цIераш тохкура классашна, церан сий деш школехь музей а йиллира.

Лакхаяьллера и агитацин тулгIе, ЕСПЧ-н сацамо юкъахъяккхалц. Адамех дIакхийтира, спецназ бехкехиллийла. Оцу агитацига ладоьгIу бераш а кхеташ дацара, лакхара омра даларца и стереотипаш шайна кочатуьйсий. Керлачу школехь доьшуш долу дукхахдолу бераш дагахь хиллера спецназе, я ФСБ балха баха. Страсбурган кхело самабаьккхира церан кхетам, лоькху эшарш а совцийна.

- ХIокху историн чакхе муха го шуна?

Кесаева Элла: ЕСПЧ-н сацам ишта ца хиллехь, турпалхой хилла буьсур бара уьш. Тхо а хьерадевлла ду бохуш, дуьйцур дара. ЧIогIа сатуьйсу оха, бехкечарна таIзар даре. Тхуна бевза уьш, шайгара даьллачунна жоп дала а деза цара.

- Церан цIераш яха аьтто буй шун?

Кесаева Элла: Уггар хьалха - Путин ву. Цунна тIера дIадуьйлалур вай, хIунда аьлча, иза ма ву эскаран коьртера хьаькам. Президент хилар - привилегеш а, даладелла дахар а хилла ма ца Iа, жоьпалла а ма ду цунна тIехь. ХIун жоьпалла дуьйцу ас, шена муьтIахьчу эскаре школана тIе герзаш деттийтина волу иза. Къу санна, буьйсанна ван а веана, школан директоран коьртах куьг а хьакхна, дIавахара президент.

Цирихова Земфира: Дала яхайойла со цу дийне. Тхуна лаьа, бехке мел верг кхеле хIотто. ТIаккха а паргIат - м хир дац тхо, дайина бераш юхаденлур дац. Делахь а, коьртаниг ду-кх – мел даккхийчу даржашкахь уьш белахь а, бехкенаш таIзаре хIиттор.

- Муха хета шуна, "Бесланан къарданза аьзнаш" филм Оьрсийчохь гайтар хир дуй шун?

Кесаева Элла: ХIан-хIа! Гойтуьйтур яц. Iедалх тасабелла уьш латточух цхьа тема ю Беслан. Архаш карар йовлахь - уггар хьалха жоп дала дезар ду церан Бесланах, ткъа иза уггар а къиза зулам ду цаьргара даьллачех.

Интервью кечйинарг Филиппович Екатерина, гочйинарг Димаева Лиза

Шуна муха хета Нохчийчохь "Ахмат" цIе тохку меттигаш дебар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG