ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъахIирехь вайнарг


Мисарахь вайначу студентан Дугиев Хизиран нанас чIагIдо: ГIалгIайчоьнан омбудсмено Оздоев Джамбулата шен кIант карийна аьлла, ша куьйгъяздина цкъа официалан кехат даийтина, тIаьхьа иза харцдина бохуш. Вайначу пхеа студентех цхьаннан кхолламах хууш дац хIинца а.

Кехат ду, кIант вац

Карарчу беттан 6-чохь Дугиев Хизиран дега, нене кехат деара, мехкан бахархойн бакъонаш ларъян векал винчу Оздоев Джамбулата шен куьйг а яздина, КъIахIирерчу цхьана набахтехь карийна шун кIант Хизир аьлла.

Хазахетаран кхаъ бара иза гергарчарна, хIунда аьлча, дахначу шеран аьхка полисхойн рейдаш дIаьхьначул тIахьа шен веа накъостца вайна алар доцург, кхи цунах хууш хIуммаъ дацара.

Ткъа дукха ца Iаш КъахIирерчу оьрсийн консуло хаийтира, вайначу Дугиевх къастаза ду хIИнца а аьлла.

Кхеташ дац, хIунда даитийна тIаккха Оздоевс, иза карийна аьлла, кехат. Документан копи "Кавказ.Реалиин" долахь ю.

Омбудсменера Оздоев Джамбулатера деанчу кехатан копи
Омбудсменера Оздоев Джамбулатера деанчу кехатан копи

"Веа студентах информаци бакъ ю. Говзанчас далийтина техникан гIалат бахьана долуш, Дугиев набахтехь карийна аьлла, харц хаам кхачийна цуьнан гергарчаьрга", - дийцина Оздоев Джамбулата "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденте.

КIентан нанас Дугиева Джанната дицарехь, гIалгIайн омбудсмен цецваьлла хилла, шен аппаратера кхаьчна кехат ша КъахIирерчу оьрсийн консуле дIадахьийтича. Мисарахь ишта Iорадаьлла Оздоевс делла жоп.

Цкъачунна Джаннатан аьтто ца болу, Мисарахь лецна латто шайн бераш кIелхьардаха гIерташ, церан дайша, наноша лелочуьнца юкъара хила. Плиевн, Чемурзиевн, Аушевн, Дзейтовн гергарнаш Мисарарчу набахтехь хилла, шайн доьзалш гина царна, цхьацца оьшу бедар-юург чуяла таро а хилла. Ткъа Дугиева Джаннат тIекхуьуш яц шен воIна.

"Соьга дийцира, талламчаша вукху веа кIантана сурт гойту бахара, сан кIант цхьана а волуш, уьш кафе чохь Iачу хенахь даьккхина долу. Хетарехь, цхьа шеконаш хир ю-кх церан кхарех. Амма сан кIант экстремист вац. Могушаллица проблемаш яра цуьнан, Мисарахь дарба а деш, мотт Iамош аьлла, лаам хилла дIавахнера иза. Мединерчу динан университетехь ши курс чекхъяьккхира цо. СаIуда Iаьрбийчу деша мил-мила а ма ца кхойкху. Цкъа кехаташ дIадахьийтира сан кIанта цига, массо агIор талла а теллина, тIаккха бен жоп ца делира", - дуьйцу "Кавказ.Реалиига" Дугиевас.

2017-чу шарахь ГIалгIайчуьра 15 стаг тIеийцира кхуьнан кIанта доьшучу университето, Хизиран нанас бахарехь. Маьхза доьшуш вара Хизир, жим-тIам стипенди а луш хилла цунна цигахь.

Вайна лору Дугиев Хизир
Вайна лору Дугиев Хизир

"Юристаш юкъагIерта оьшуш дац"

ТIаьххьара шен ненаца зIене ваьлла Дугиев стохка Марсхьокху-беттан 14-чохь. Цул тIаьхьа цуьнца хилла уьйр хаьддера ненан. Ши де даьлча студентан доттагIаша хаийтира кхунна, полисхоша рейдаш дIахьочу хенахь, иза дIавигина аьлла.

Нанас дийцарца, ахча кхоорхьама, шена цхьанна петар лаьцна Iаш ца хилла Хизир. РогI-рогIана Дзейтов, Плиев, Чемурзиев волчахь Iаш хиллера иза.

Мисарахь лаьцначу студентан Плиевн дас "Кавказ.Реалиига" дийцарехь, тарло кхайлахчу сервисийн бIаьрг дуьххьара Дугиевна тIехIоьттина хила а, цул тIаьхьа вукху берашна тIехь полицино терго латтийначух тера ду. Бакъду, цкъачунна и гипотеза бакъ ю аьлла, официалан тоьшалла дац.

Студенташна гIо кхачо аьлла, Оьрсийчуьра бозуш боцчу юристийн тоба а яхара Мисара. Шайн цIерш а ца йохуш, цара дийцира портале, цхьана а агIор пайден ца хилира шайн Мисара кхачар аьлла.

Меттигерчу юстицино дIакхайкхийра цаьрга, Оьрсийчоьнан бахархойн гIуллакх луьстуш дипломаташ бу, юристаш юкъагIерта оьшуш дац аьлла.

КъахIирерчу оьрсийн дипломатийн урхалло тешийна дай, наной, шайн ма- хуьллу церан берийн кхолламах йист яккха хьийзаш ду шаьш аьлла.

Болчу тIаьххьарчу хаамашца, Тора олучу набахтехь латтош ву хьалхо тIекхиина гIалгIайн виъ студент. Лоьхуш ву тIепаза къайлаваьккхина Дугиев Хизир.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG