ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина маьждигана тIелатар дина 40 стаг вийна Керлачу Зеландехь


Лаххара 40 стаг вийна Керлачу Зеландин ​Крайстчерч гIалахь, шина маьждигана тIелатар дина. Цунах лаьцна хаам бина цу мехкан премьер-министро Ардерн Джасиндас. ГIаларчу зарбанан хIусамашка дIакхачийна бу иттаннаш чевнаш йина нах.

The New Zealand Herald газето яздарехь. ТIелатар динарш - 4 зуламхо, царна юкъахь зуда а ю, лецна полицино. Цкъачунна билггала хууш дац цу тIелатарехь дакъалоцуш маса стаг хилла. Полицин операци дIайоьдуш ю. Эксперташа дийцарехь, маьждигашна тIелетар дар леррина кечдина хилла.

Болчу хаамца, тIелатар динчерах цхьаммо – Австралин махкахочо - мигранташна дуьхаьл манифест зорбане яьккхина, 74 агIонах лаьтташ йолу. Цуьнан цIе ю Таррант Брентон. Цо ша зулам деш йоккхуш йолу видео оццу хенахь гойтуш хилла эфирехь. Иза ган аьтто бу YouTube-хь.

Керлачу Зеландин премьеро Ардена аьлла, динарг "мехкан исторехь уггаре Iаьржачу денойх цхьаъ ду" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG