Иттех сов стага дакъалоцуш латар хилла "Кунцево-Плаза" махбаран центрехь. Цунах лаьцна хаам бо РБК агенталло чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Москох гIалин урхаллан хьастана тIе а тевжаш. "Эхо Москвы" радионо дийцарехь, леттарш бу нохчий а, оьрсий а. Инцидент хилла аьлла полице хаам бина хилла еарин сарахь мехбаран центран белхахочо.
Цо дийцарехь, цу комплексан 4-чу тIегIантехь хиллачу латарехь дакъалоцуш хилла 10-12 стаг. ТIаьхьо уьш берш ураме арабевлла. Цхьана стеган карахь гина тапча.
Сихха "Кунцево-Плаза" кхьачначу полисхошна кхин низам дохийна ларш ца карийна. Хилларг толлуш ду. Кхин вийна, лазийна стаг ву аьлла хаам кхаьчна бац. Леттарш нохчий а, оьрсий а хилар муха хиъна дуьйцуш дац.