ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу студенташна гIо дийр ду туркоша


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Истанбулерчу доттагIалан а, дешаран а, културан а фондо мехаза чохь баха меттигашца гIо дийр ду Нохчийчьурчу студенташна. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчуьрчу Iедалан куьйгалхочуьнан когаметто Хакимов Хьасана.

Хакимов а, ткъа иштта республикан дешаран министр Байханов ИсмаьIил а цхьаьнакхетта цу хьокъехь цу фондан векалшца. Цкъачунна ледаро таронаш йолчу а, Соьлж-ГIалана генарчу кIошташкарчу а доьзалшкара студенташ туркойн фондан чоьтах дIатарбийр бу республикерчу цхьана техникуман а, хьехархойн колледжан а хIусамашкахь.

Байхановс бинчу хаамца, тIейогIучу хенахь Истанбулера фонд дагахь ю шаьш гIо динчу студентийн Туркойчохь деша аьтто бан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG