ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Министро Умаровс кхетийна Ичкерин тIеман министр хиллачу Ханбиевс аьлларг


Умаров Джамболат.
Умаров Джамболат.

Навальный а, цуьнан агIончаш а гIорасиз хилла Нохчийн Республикан парламентан депутатан Ханбиев Мохьмадан дешнаш нохчийн маттера оьрсийн матте гочдарехь, дIахьедина Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, хаамийн а министро Умаров Джамболата.

"Господин Навальный, хьо а, хьан угIарна тIаьхьара олу нохчийн мотт а буьйцуш хилла (цхьанха Европехь) публика а Iаламат чIогIа яьгна хIинца", - даладо министран дешнаш "Нохчийчоь тахана" хаамийн агенталло.

Умаровна хетарехь, цара нийса ца тидина "Ичкери" бохучу дешан маьIна. Ичкери олуш хилла Ханбиев схьаваьллачу Нохчийн Республикан малхбалерчу декъах, цундела Нажи-Юьртан къоштара волу депутат шозза бакъ хилла, ша Ичкерин кIант ву цо олуш, чIагIдо министро.

"ГIазакхий" шена ца беза олуш, Ханбиевс дуьйцург оьрсийн халкъ дацара, эскархой бара, кхетадо Умаровс. Цо дийцарехь, Ичкерин хилла тIеман министр бакъ ву цо ша "гIазакхашна" каравахана вац бохуш. Цо дийцарехь, Ханбиев шен тIаьххьарчу тIемантасадаларна кечлуш хилла, Кадыров Рамзанан дехарца иза "Ахьмад-Хьаьжин могIарех дIакхетале" а, цул тIаьхьа "дуьненаюкъарчу терроризмаца цо къийсам дIабахьале" а хьалха.

Умаровс билгалдоккху, Ичкерин хиллачу министрна тӀедоьжна ца хилар оьрсийн эскархой безар.

- Оха а ца доьхий тахана тхайга безам хилар тхайн ярташна а, гIаланашна а бомбанаш йиттина а, "зачисткаш" дIахьош хьалха бевлла леллачу а тайп-тайпанчу инарлшка, - дуьйцу министро Умаровс.

Хьалхо Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъашхочо Ханбиев Мохьмада шена оьрсий ца беза боху аьлла, латкъам бина цу партин куьйгалхошка, шайна юкъахь президент Путин Владимир а волуш, оппозицин хьалханчех цхьаъ волчу Навальный Алексейс.

Шен Twitter-чу агIонехь Навальныйс видеохаам дIахIоттийна Ханбиевс динчу дIахьедарх лаьцна. Хьалхо шен Instagram-чу агIонехь Ичкерин тIеман министр хиллачу Ханбиев Мохьмада видео арахийцира, ша хьалха санна Ичкерийн агIонча хиларх лаьцна дуьйцуш.

Ханбиевс аьлларг иштта ду: "Сан къоман паччахь нохчо ву. Со гIазакхийчуьнца цкъаллига цкъа къамел деш а вац. Со гIазакхашка вистхуьлуш а вац. Со цхьаллига цхьана гIазакхийчунна тIевахана а вац. Цхьана а гIазакхийн инарлица а, эпсарца а сан къамел хилла а дац. Суна уьш беза а ца беза тахана а. Со Ичкерин кIант ву шуна".

Ткъа хIинца Навальныйс видео арахецна шен Твиттерерчу агIонехь "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" депутато дIахьедар дина, шена оьрсий ца беза, цаьрцга вистхуьлуш а вац ша аьлла" цIе а йолуш.

Цу сюжетехь дуьйцу Ханбиев Мохьмад "Цхьааллин Оьрсийчоьнан" фракцин декъашхо ву, цундела а луур дара хIун ду цу хьокъехь цу партин куьйгалхошна – инарлин кхеташонан секретарна Турчак Андрейна а, гIантдена Медведев Дмитрийна а, цу партин лидерна Путин Владимирна - а хетарг, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG