ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицино харцдо Москох нохчий а, оьрсий а латар


Иттех сов стага дакъалоцуш латар хилла "Кунцево-Плаза" махбаран центрехь, аьлла хаам бинера РБК агенталло пIераскандийнахь, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Москох гIалин урхаллан хьастана тIе а тевжаш. "Эхо Москвы" радионо дийцарехь, леттарш бара нохчий а, оьрсий а.

Ткъа хIинца чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Москох гIалин урхалло харц бина и хаам. Дийцарехь, нохчийн кIомах болу нах летта аьлла цхьа а хаам бац, яздо "Нохчийчийчоь тахана" сайто.

Инцидент хилла аьлла полице хаам бина хилла еарин сарахь мехбаран центран белхахочо. Цо дийцарехь, цу комплексан 4-чу тIегIантехь хиллачу латарехь дакъалоцуш хилла 10-12 стаг. ТIаьхьо уьш берш ураме арабевлла. Цхьана стеган карахь гина тапча.

Сихха "Кунцево-Плаза" кхьачначу полисхошна кхин низам дохийна ларш ца карийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG