ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин бусалба эпсар митингехь йилхина Крайстчерчехь нах байар хьахош


Керла Зеланди, Крайстчерч. Гайтаман сурт.
Керла Зеланди, Крайстчерч. Гайтаман сурт.

Керлачу Зеландин уггар лакхара бусалба полицин эпсар Оклендехь митингехь йистхуьлуш, бIаьргех хиш а девлла, йилхина Крайстчерчехь шина маьждигана тIелатар дина нах байар хьахош, хаам бо Малхбузерчу цхьамогIа зорбанан гIирсаша.

Керлачу Зеландин полицин суперинтендант йолчу Хьассан Наиляс гулбеллачу эзарнаш нахана хьалха къамел деш элира, ша бусулба хиларна дозалла деш ю ша, ша Керлачу Зеландин полицехь лидер а ю ша, Крайстчерчехь хилларг бахьана долуш Iадийна а ю ша, аьлла.

"Оха, Керлачу Зеландин полицино, дерриг а тхайга далург дийр ду вайн юкъараллана, ткъа къаьсттина вайн Бусулба юкъараллашна гIортор ян", элира полицин эпсаро, яздо "Metro" газето шен Metro.co.uk сайтана тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG