Оьрсчийчохь долу федералан некъаш блокпостех маьрша хила деза аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а Юкъараллин Чоьнийн декъашхочо Солтаев Мансура. Къилбаседа Кавказерчу регионашна юкъара блокпосташ дIаяха еза аьлла хета цунна.
Нагахь цхьа кхерам бу аьлла шайна хетахь, республикаша ГАИ-н посташ хIитто мегар ду шайн дозанехь, амма федералан трассаш маьрша хила деза, боху Солтаевс.
Хьалхо цу тайппа дIахьедар динера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Республикехь туризм кхиарна новкъарло бохура Кадыровс, цхьа а пайда бохьуш йоцучу блокпосташа.
Цунна тIехIоьттира Нохчийчохь адамийн бакъонашкахула волу векал Нухажиев Нурди. Масала, федералан некъана тIехь ГIалгIайчоьнна а, Къилбаседа ХIирийчоьнна а юкъахь йолчу "Чермен" санна йолчу посташкахь дукхачу хьолахь эхь-бехк доцучу погонаш лелочу наха лелочо кхуллу гӀоьртина хьал, бохуш вара Нухажиев. Ша тешна ву, бохура Нохчийчоьнан омбудсмено, дуккха а машенаш дIасалела федералан некъаш мелла а маьрша хила деза бохучух.