ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIуда Iаьрбийчоьнан 15 миллион евро юхалур ду Милано


Миланерчу Ла Скала театран гIишло
Миланерчу Ла Скала театран гIишло

Бакъонашларъярхоша а, цхьа могIа Италин политикаша а критика йинчул тIаьхьа СаIуда Iаьрбийчоьно шайна делла кхо миллион гергга евро юхалуш ду Миланерчу "Ла Скала" театро. Миланан мэро Сала Джузеппес динчу дIахьедарна тIе а тевжаш, la Reppublica газетано бина и хаам. СаIудхойн къайлахчу сервисаша журналист Хашогги Джамал вийначул тIаьхьа иккхина скандал бахьана долуш а, исламан динах хадарна юьйр ю ша юхайодахь аьлла, 18 шо долу йоI пачхьалкхера ядарца а доьзна, малхбузен пачхьалкхаша жигара емалйо СаIуда Iаьрбийчоьнан паччахьалла.

"Лига севера" аьллачу партин лаккхарчу куьйгалхоша, шайлахь Италин премьер-министран гIовс Сальвини Маттео а волуш, критике йиллинера театрца юкъахь паччахьалло йолийна проект. "Ла Скала" театран урхалхошка даржаш дитар тIедожийнера Сальвинис.

Цул тIаьхьа директорийн кхеташоно дIатеттира саIудхошца юкъахь болхбаран план. Цуьнца а догIуш, СаIуда Iаьрбийчоьнан синбахамаллин министр, эла бен Фархан Аль Сауд Бадр бен IабдаллахI театран директорийн кхеташона юкъа валош вара, цо инвести еш пхеа шерачохь делла 15 миллион евро бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG