Казахстанан президенто Назарбаев Нурсултана пачхьалкхан урхалхочун дарж охьадиллина. Шинаридийнахь йоьдучу эфирехь къоме вистхуьлучу заманчохь дина Назарбаевс ишта дIахьедар.
1990-чу шарахь Охан-беттан 24-чохь президентан дарж кхоьллича, пачхьалкхан урхалле хIоттийнера Назарбаев. ХIетахь Компартин куьйгаллехь вара иза.