ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь йийна Дагестанера бакъонашларъярхо Рустамова Гюльнара


Рустамова Гюльнара
Рустамова Гюльнара

"Правозащитница05" Дагестанан бакъонашларъяран организацин куьйгалхо Рустамова Гюльнара йийна Шемарчу Багхуз эвлахь. "Кавказ.Реалиин" порталан корреспонденте зудчун гергарчу хьостано дийцарехь, йийна иза дахначу еаридийнахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх бухабисинчарна тIе тохарш дечу заманчохь.

"Иза йийна дукха хан ялале кхечира и хаам тхоьга. Массо а агIор тIеетташ хиллера царна. Буьйсанна а, дийнахь а герзаш детташ хилла цигахь. Яийтинчу видео тIехь гуш ду, гIаж тIе а язлуш йогIуш ю Гуля, астагIа ю иза. Цунна тIаьхьа оьхуш ю кхи зуда. Цигахь бисинчарех тIаьххьара хилла и шиъ. Цигара дIабовла аьтто болчу хенахь, реза ца хилла уьш", дийцина хьостано.

Маршо Радионо яздира, кхааридийнахь Шеман малхбалера Багхуз цIе йолу меттиг схьаяьккхина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн гIоьнца Шемарчу оппозицино аьлла. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша дIалаьцначух тIаьххьара чIагIо хиллера иза.

БIеннашкахь тIемалой карабахна. Шемарчу демократин ницкъийн пресс-секретаро Бали Мустафас дийцарехь, Багхузера даIишхойн куп схьаяккхар йоккха гIулч ю, амма толам баьккхина ала хIинца а хьалхе ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG