Кисловодскан кхело машенна урхалла ден бакъо шегара дIайоккхуш бинчу сацамна латкъамбина ийначу кепехь латархочо Емельяненко Александра. Зазадоккху-беттан 1-чохь Кисловодскехь некъахьовзам хиллачул тIаьхьа лаьцнера иза полицино, малар а мелла, машен лелош хилла аьлла.
Ставрополан кIоштахь некъан низамаш талхорна дIалаьцначу Емельяненко Александрера машен лелоран бакъо дIаяьккхира Кисловодскерчу кхелахоша. 30 эзар сом гIуда а хьарчош, 1,5 шарна машенна урхалла дар дихкира цунна. Еаридийнахь апелляци чуелла латархочо Кисловодскан машаран кхеле, яздо "Интерфакс-Юг" хьостано.
Карладоккху, латархо дIалаьцначул тIаьхьа RCC-н директоро Клименко Николайс дIахьедира, Челябинскехь Стигалкъекъа-баттахь хинйолчу Russian Cagefighting Championship-ан 6-чу турнирехь дакъалоцур дац цо аьлла.
Спортхо Емельяненко Александр кхераме ву адамашна, цо ладугIуш Нохчийчоьнан куьйгалхо бен кхин цхьа а стаг вац, цундела Кадыров Рамзана дIавига веза иза Соьлж-ГIаларчу клубе, цуьнан доладан аьлла дIахьедар дина ММА-н латархочо Харитонов Сергейс.