ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхошна гIо латтарна кхел йина Нохчийчохь жимчу стагна


Меттигерчу 29 шо долчу Дагаевна тIехь йолийна кхел йирзина аьлла, хааме даьккхина пIераскандийнахь Нохчийчуьрчу ФСБ-н пресс-гIуллакхоша. Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна гIо латтийна ву аьлла, бехк тIе а чIагIбина, ши шой, ялх буттий хан кхайкхийна жимчу стагна набахтехь яккха.

Карладоккху, стохка Iай Грозненск кIоштан кхело пхеа шарна набахте хьажийра кхи цхьа вахархо. Полисхойн версица, 2012-чу шарера схьа дуьйнна Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а хиллачу гIаттамхошца уьйрашкахь хиллера иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG