ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема даIишхойн карара схьаяьккхина аьлла, хаамбина КIайчу цIийно


КIайчу цIийнан пресс-секретарь Сандерс Сара
КIайчу цIийнан пресс-секретарь Сандерс Сара

Шеман территорешна тIера "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн контрол дIаяьлла аьлла, дIахьединчу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министралло дина дIахьедар, тIечIагIдина КIайчу цIийно. Пентагонан урхаллан декхарш кхочушдечу Шанахан Патрика бира цунах хаам Iамеркан президенте Трамп Дональде, президент шен кеманахь Флориде воьдучу заманчохь.

Reuters агенталло яздарехь, КIайчу цIийнан пресс-секретаро Сандерс Сарас бина и хаам. Кхааридийнахь Маршо Радионо яздира, Шеман малхбалера Багхуз цIе йолу меттиг схьаяьккхина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн гIоьнца Шемарчу оппозицино аьлла. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша дIалаьцначух тIаьххьара чIагIо хиллера иза. БIеннашкахь тIемалой карабахнера. Шемарчу демократин ницкъийн пресс-секретаро Бали Мустафас дIахьедира, Багхузера даIишхойн куп схьаяккхар йоккха гIулч ю, амма толам баьккхина ала хIинца а хьалхе ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG