ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Норвегин хIордан тIехь 1300 стаг чохь волу кема доьхна


Норвегин малхбузерчу хIордан йистехь 1300 гергга адамна эвакуаци еш ю хикемана бохам баьлла, хаамбо ВВС хьостано. Меттигерчу Iедалхойн информацица, Viking Sky олу кема доьхна хи тIехь, цу лайнер чуьра адам хи йисте дехьадоккхуш ду. Эвакуаци еш ду пхи кема а, масех хIордкема а. КIелхьарбаьхнарш лаьтта тIерачу спорткомплексехь дIатарбеш бу.

Цкъачунна верриг а дехьаваьккхинарг ву 260 стаг аьлла, хьалхо хаабира шведийн Aftonbladet хьостано. Ставангеран портера Тромсе доьдуш хилла лайнер. Кема доьхна Хустадвика олу кIошт уггар а кхерамечух лоруш ю Норвегин хIордан йистехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG