ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь яккха ехха хан тоьхна ХIирийчуьра зуда-таксилелорхо йийначунна


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело бехке лаьрра 25 шо долу Махашев Тимур Къилбаседа Хирийчуьра зуда-таксилелорхо ерна. Цунна 23 шо 6 бутт хан тоьхна суьдхоша, луьрча хьелашкахь колонехь яккха, хаам бо "Нохчийчоь тахана" зорбанан гIирсо.

Кхелан материалашца а догIуш, 2018-чу шарахь Охан-беттан 21-чу буса Соьлж-ГIалахь "Лада Калина" машенчохь 19-зза урс тоьхна цу стага таксилерхочун Уртаева Стеллина. Иза оццу меттехь елла. Цул тIаьхьа цу зудчуьнан дакъа Соьлжа хи чу кхоьссина зуламхочо.

Стохка Стигалкъекъа-баттахь Чермен эвалахь чIир юьтуш маслаIат хилира Уртаеван а, Махашевн а доьзлна юкъахь. Къилбаседа ХIирийчоьнан муфтийс Гацалов Хьаьжмурда дийцарехь, Нохчийчуьрчу динан урхаллан векалша дерриг а нохчийн къоман цIарх кIинтIера бовлар дийхира Уртаеван гергарчаьрга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG