ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеларчу кхело тоьхна гIуда схьадаьккхина харцончера пурстоьпаша


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Вуьйцург ву 32 шо долу Шелара вахархо. 2007-чу шарахь Iехийна шена вевзачу шина стеган машенаш йоьхкина ахча дайинера цо шен хьашташна. Эшам хиллачу наха кхеле веллера иза.

Шеларчу суьдо бехке вира и стаг харцо лелорна, арахь яккха хан а, 100 эзар сом гIуда а тухуш.

Делахь а ахча юхадала дагахь ца хиллера зуламхо. Пурстопаша баккъалла а набахте хьажор хьокъехь кехаташ кечдийр ду аьлла, кхерам тесначул тIаьхьа, реза хилла курхалча шена тIедожийна гIуда буьззинчу барамехь такха, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG