ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь кхелхинчийн бераш ХIирийчу цIадерзо аьтто хилла


"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхеттачу дас-нанас дIадигина хилла кхо бер юхадерзо аьтто баьлла Къилба ХIирийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутатан Макиев Зурабан.

"Кавказ.Реалии" портале берийн гергарчара дийцарехь, оцу берийн да а, нана а 2014-чу шарахь дIадаханера Оьрсийчьура. Да дукха хан ялале вийнера, ткъа нана стохка йийра. Цул тIаьхьа, дех-ненах хедда бераш латточу куьпахь хан яьккхинера кхаа беро. Ши бутт бара бераш цIа дерзо Iалашонца операци йолийна.

Карарчу хенахь бераш Москвахь ду. Кху деношкахь БуьритIе дейиша йолчу цIа далор долуш ду уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG