ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Несарна гергахь протесташкахь хилла виъ жигархо дIалаьцна


Чохь даккха итт дей, буьйсий хан кхачийна Магасан кхело Наьсаре чувуллучохь акци хIотторна бехкевинчу виъ жигархочунна. Кхин а шинна гIуданаш диттина.

Маршо Радионо яздира, Iедалхошкара пурба а доцуш, Магасан майданахь Евкуров Юнус-Беке дарж охьадиллар тIедожийначу меттигерчу бахархоша митинг дIаяхъярх. Протестхой дIасабохо гIоьртинчу шолгIачу Iуьйранна тасадаларш хиллера гулбеллачийн полисхошца. ТIаьхьо оццу дийнахь бIе гергга стага Наьсаре богIу "Кавказ" трасса дIалаьцнера. Некъ маьршабаьккхира цара протестийн лидерша дехарш динчул тIаьхьа.

Трасси тIехь акци дIаяьхьначу 6 декъашхочунна тIехьбитина бехк. Дидиговна а, Арчаковна а, Гойговна а, Вышегуровна административан таIзар дина - 10 дийнахь, бусий лаьцна вуьтуш. Балахоевна а, Боковна а хIоранна тIедожийна 20 эзар сом гIуда, аьлла бу кIоштан кхело шен сайтехь бинчу хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG