ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра школаш кхаа рожера дIаяха ницкъ ца тоьа Iедалхойн


Нохчийчохь дешаран хьукматашкахь ира лаьтташ ду, школашкахь бераша кхаа рожехь доьшуш хиларца доьзна хьал. Дахначу шеран ГIура-баттахь Маршо Радионо яздира, Оьрсийчоьнан премьер-министрца Медведев Дмитрийца Москох хиллачу цхьанакхетарехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцаредарх, махкара школаш тIехъюьзна хиларх. Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс дош деллера хIетахь, регионна оьшу гIо дан.

Кху деношкахь юха а гIаттийна изза хаттар. Оьрсийчоьнан урхаллан аппаратан куьйгалхочун гIовс волчу Кириенко Анатолийца хиллачу цхьанакхетарехь Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима далхийна нохчийн школашкара хьал. Цо бахарехь, республикера 73 школа ю кхаа рожехь болх беш.

"Тхан регион хьалха ю бераш дуьненчу довлар тIех лакхара хиларехь. ТIаьххьарчу пхеа шерачохь 120 эзар бер тIекхетта тхан. Цундела школаш тIехъюьзна хуьлу", - аьлла Хучиевс.

Школашкахь кхо раж муха эшо дагахь ду хоуьйтуш барамийн план хIоттаяй, шега дIакхачае аьлла Кириенкос. Проблема ерзо тIеоьзна Оьрсийчуьра а, Нохчийчуьра дешаран министраллаш а, Оьрсийчоьнан финансийн урхалла а.

REGNUM агенталло хаамбарца, карарчу шарахь 8 школа йина ялийта Iалашо ю Нохчийчуьрчу Iедалхойн. Оцу хьашташна федералан бюджетера 2 миллиард 721 сом ахча ду хьажийна.

Хьалхо махкарчу дешаран, Iилман министро дIахьедира, кхаа рожера школаш шина роже ерзо республикехь кхи а 19 школа оьшу аьлла. 2021-гIа чекхдалале оццул доьшийлаш йина йовлуьйтур ю шаьш аьлла, тIелаьцна Нохчийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG