ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс, Делимхановс, Даудовс низамаш дохийна дац аьлла Кремло


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Думан депутато Делимханов Адама а, парламентан спикеро Даудов Мохьмада а тIедогIучу рицкъах Iорабаьхначу хаамашлахь низамаш дохийна меттиг хаабелла бац Оьрсийчоьнан президентан администрацина а, пачхьалкхан Думана а, Нохчийчоьнан парламентна а. Стохка гурахь "Трансперенси интернешенл" организацино дийцира, мехкан куьйгалхочо дойучу ахчан барам тIехсов бу аьлла. 128 говр ю цуьнан долахь, хетарехь 100 миллион сом пайда беана цара цунна тIаьххьарчу 4 шерачохь, ткъа официалехь Iораяьккхинчу деклараци тIехь бахарехь, кхозза кIезиг болх бина Кадыровс оцу заманчохь.

Нохчийчуьрчу парламентан антикоррупцин комиссин куьйгалхочо Юсупов СаьIида хаамбина, комиссино талламаш бина Даудовна 2014-2018-чу а шерашкахь тIебеанчу пайдан хьесап деш. Цо чIагIдо, говраша беанчу толамех цунна са кхаьчна яц аьлла.

Делимханов Адаман хьокъехь жоп даийтина пачхьалкхан Думерчу антикоррупцин комиссин куьйгалхочо Аршба Отарис. Депутато чуделлачу кехаташ тIехь, цуьнан долахь цхьа а хохку говр яц, уьш Волгоградерчу говраш лелочу индустрина тIеязйина ю аьлла Аршбас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG