ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебарта-Балкхаройчохь карийна Нохчийчохь лачкъийна машен


Хьалхо Нохчийчохь лачкъийна машен хааелла ГIебарта-Балкхаройчохь. Республикан Зольскан кIоштарчу "Малка" олучу постехь кехаташка хьовса полисхоша сацийнера 29 шо долчу Соьлжа-ГIаларчу вахархочо урхалла ден автомобиль. Машен лехамашкахь хилар гучудаьлла ницкъахошна.

Полисхойн талламашца, кху шеран Зазадоккху-баттахь лачкъийна аьлла, бехкзуламан гIуллакх а диллина, лехамашка елла хилла и машен Нохчийчохь. Карарчу хенахь машенан урхалхо дIалаьцна. Талламаш болийна оцу гIуллакхна гонах, яздо гIебартойн "Регион Онлайн" хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG