ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн полицино масаьргара а пIелгийн таммагIаш дIаоьцуш ду


ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло республикан бахархошка кхайкхамбина, шайн лаамехь пIелгийн лараш яла еза аьлла. Урхаллан сайтехь кIирандийнахь бина и хаам. Процедура маьхза хир ю аьлла, чIагIо йо полицино.

Нагахь документаш дайна, талхийна меттиг нислахь, хи тIе даьлла, мохкбегийна, цIеяьлла зулам далахь, теракт нислахь, авиацин, йа цIерпоштнекъаца зулам Iотталахь а атта хир ду боху хьаькамаша, стаг мила ву билгалдаккха бахархоша йитинчу пIелгийн таммагIашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG