ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЮхадIадолош ду Соьлж-ГIалара Шарджа кема лелар


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Кху бетан 19-чу дийнахь юхадIадолош ду Соьлж-ГIалара Шарджа кема лелар. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчуьрчу транспортан министралло.

Air Arabia компанино ГIалара Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка кеманан рейсаш яр долийнера 2018-чу шарахь Оханан баттахь. Амма и рейс юкъахъяьккхинера Iаьнан заманна. Бахаьана дара некъахой дукха кIезиг хилар. Цул хьалха нохчий Шарджа лелара Минводерчу аэропортера.

Болчу хаамца, Air Arabia компанино кема лоьлуьйтур ду Шарджна а, ГIалана а юкъахь кIиранах шозза шинарин а, пIераскан а деношкахь. Билетан мах хир бу цхьана агIор 180-250 доллар.

"Кавказский узелан" хьастано дийцарехь, цу кеманца Эмирташка леларш бу коьртачу декъана Нохчийчуьра хьажой а, бизнесхой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG