ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу бахархошна тIедожийна газах декхар дита деза – Кадыров


Кадыров Рамзан а (аьтту агIор), Путин Владимир а Кремлехь.
Кадыров Рамзан а (аьтту агIор), Путин Владимир а Кремлехь.

Хан тIекхаьчна, газах ду бохуш, Нохчийчоьнна тIеяздинчу декхарца доьзна хаттар цхьалхадаккха, аьлла дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оьрсийчоьно дуккха а пачхьалкхашна дитина шира декхарш, изза дан мегар ду аьлла хета цунна "Газпромо" хьехочу декхарца а.

Нохчийчохь тIемаш боьлхуш газан биргIанаш йохийна яра, газ эрна дIаоьхуш яра, ткъа Нохчийчоьнна а, цуьнан халкъана а дина зе дагарлур доцуш алсам ду, боху Кадыровс.

Газ дIаяийтина, ткъа иза мича яхана бохург Iедалан гIайгIа бу бахар дукха тIех кӀоргенза тоьшаллаш ду, аьлла дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Еарин дийнахь Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело юхабаьккхира республикерчу бахархошна тIедожийна 9 сов миллиард сом декхар дитарх лаьцна Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан кхело бина сацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG