ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Да вийра, нана елира"


Шемахь хIирийн бераш кIелхьардахарх

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:54 0:00
Линкана тIе

Пачхьалкхан думан депутат Макиев Зураб улло а ваьлла, дахначу кIиранах БуьритIе цIа далийра кхо бер: ваша а, цуьнан ши йиша а.

Къилба ХIирийчуьра церан да а, нана а масийтта шо хьалха дIадаханера "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхета Iалашонца.

Юьхьанца берийн да вийра тIамехь, цунна тIаьххье кхелхира нана а. Хууш дац, муха боьрзур бара берийн кхоллам, цхьа Дела къинхетам юкъа ца боьллехь.

Атта тешаш волуш, перспективе спортсмен

Вуьззина суьпа стаг вара Роман Г. (берийн гергарчеран дехарца цуьнан цIе редакцино хийцина). Килсе оьхура иза, маьршачу кепехь леташ вара, перспективе тIаьхьало йолуш спортсхо вара иза.

Эххар а бусулба дин тIе а эцна, Рамадан аьлла, цIе хийцира цо. Цул тIаьхьа радикалан хьежамаш болчу нахах веттавала волавелира иза. Кхуьнан кIеда, дIаьаллачух тешаш хиларх пайдаэцнера цара. Ишта динан фанатик а хилла, джихIадан новкъа ваьлла хиллера Рамадан.

СаIуда Iаьрбийчу а вахана, цигара дIа Туркойчу дехьа а ваьлла, дIакхеттера иза тIемалойх. Цхьа хан яьллачу заманчохь, 2014-чу шарахь оццу некъашца шен хIусамнана а, кхо бер а дIадигира цо ша волчу. Оцу йоццачу заманчохь шен агIончашлахь цIе йоккхуш вара иза, жимочу декъан командир а хIоттийнера.

РогIерчу тIеман тасадаларшкахь вийра Рамадан, ткъа цуьнан доьзал курдаша контрол латточу Шеман къилба-малхбалерчу мухIажирийн "Аль-Холл" куьпа кхачийра. Iер-дахаран ледара хьелаш, антисанитари, хица хьоьгу къоьлла, кхи а масане дара цигахь лан дезнарг.

Мехах схьаэцар

Кеп-кепарчу терахьашца 53 эзарна тIера 72 эзаре кхаччалц нах дIатарбелла куп масех декъе екъна ю: Шемара мухIажирш цхьанхьа, Иракъера мигранташ вукхунхьа. КъоалгIа, уггар луьра лоручех - даIишхойн доьзалш латто зона ю. КIезиг бац царлахь Къилбаседа Кавказера а, Юккъерчу Азера а схьабевлла нах.

Оцу куьпахь елира Рамаданан хIусамнана. Дийцарехь, диабет лазарца хилла иза.

Ша "Аль-Холлехь" йолчу хенахь масийттазза шен йишица зIене яьлла хиллера иза, Юккъерчу Азин зударийн гIоьнца.

Ах шо хьалха берийн ненайишас орцадехнера Пачхьалкхан думан депутате Макиев Зурабе, шен йиших дисина бераш цIа дерзош гIо дахьара аьлла. Депутато юкъаозийра шен коллега, Оьрсийчоьнан а, Шеман а парламенташна юкъахь гергарло лелочу группан куьйгалхо Саблин Дмитрий.

Иштта йолаелира бераш кIелхьарадоху бакъйолу лерина операци. Бара цу юкъахь республикан чоьхьарчу гIуллакхийн а, къайлахчу сервисийн а куьйгалхой, арахьарчу гIуллакхийн а, тIеман а министралла цхьана.

"Шо гергга хан яьхьна хилла бераша, тIаьхь доладан стаг а воцуш. Таджикистанера цхьа зуда-м хиллера цаьрга бIаьрг тухуш. Ма-дарра аьлча, шен йижаршна тIехь Iуналла дан декхаре хиллера воккхахволу ваша. Денна бохург санна, цхьа бер делла ца Iа оцу куьпахь, антисанитарин хьелаш доьхна хиларна а, цамгарех а, йинчу чевнех а. Хууш дац, хIун лан дезара цу берийн а", - дийцина "Кавказ.Реалии" портале Макиевс.

Массеран а гIоьнца аьтто белира бераш цIа дало бакъо яккха. Проблема евзачш хилла гоьвалла Къилба ХIирийчоьнан юкъаралхо, блогер Пухаев Алик тешна ву, теттина кхаъ ца белча и гIуллакх кхочушдойла яцара аьлла.

"Куьпашкахь латто даIишхойн доьзалш курдашна - йохка-эцар санна хIума ду, шайна хеттарг до цара цаьрца. Террорхойн тобанхоша шаьш лаьхкина лелор а, цара шайна тIехь ницкъ латтор а дуьхьалдоккху курдаша, цундела леш бохка-эцар санна хIума ду цара лелориг. Доцца аьлча, "Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанхоша леллийнарг ду кхара хIинца гIаттийнарг а", - боху Пухаевс.

Хих Iебаш дац бераш

Бераш йийсарера дахар – цхьа проблема ю. Бюрократин дуьхьалонаш лело буьйлабелира цIеххьана Къилба ХIирийчуьра хьаькамаш. Бераш лело ненайишех векал еш кехаташ дара кечдан дезаш уггар хьалха, ткъа регионерчу социалан урхалло тесна дитинера цуьнан дехар. Арахьарчу гIуллакхийн министралла юкъагIоьртича бен цхьалха ца делира гIуллакх.

"Ненайишин шен а ду кхо бер, амма хIетте а иза реза ю шен йишин бераш лело а. Тхо хьоьвсина, хIусамехь бераш кхио таро ю цуьнан. Берашна шайна ненайишица гIоле хир ду аьлла хета суна", - дийцина Макиевс.

Педагогаша а, психологаша а бан безаш дуккха а болх бу хIинца а берашца. КIант эвхьаза ву вистхиларца а, леларца, ткъа цуьнан ши йиша массо а хIуманах ийзалуш ю, дIакъовлаелла ю.

Бисинчу пхеа баттахь доккхахдолу ши бер школе дахийта кечдан дезаш ду, ткъа жимахъерг берийн беша лела хан йолуш ю.

"Керлачу дахарх дIаэн гIерта бераш керлачу хIусамехь. Жим-жима дагаоьху царна, цкъа мацах шаьш кхузахь хьошалгIахь хилла хилар а. Юучух а, адамех а жим-жима дIауьйш богIу уьш", - дийцина берийн ненайишас Лорианнас.

Хина уллора довлуш дац бераш. Шемахь хица къоьлла хьоьгу, ткъа кхузахь даим а моьлуш, хица юьхь-куьйг дуьлуш, луьйчуш бисина.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Путин велла дIаваллалц президент хила веза аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG