ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра оппозицин лидерш лецна кхин а 48 сохьтана


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Спецприемник олучу набахтехь хан а яьккхина, араволуш волу гIалгIайн дуьхьалонан боламан кхо жигархо юха а дIалаьцна Нальчикехь.

Уьш бу кху беттан 3-чохь дуьйна набахтехь 10 де даьккхина Чемурзиев Барах а, Мальсагов Муса а, Барахоев Ахьмад а. ХIинца царна бехке дуьллуш ду ницкъаллин структурийн белхахошна ницкъ бар.

ГIалгIайчоьнан коьртачу гIалахь Магасехь митинг хилира Нохчийчоьнца доза билгалдоккхуш шайн латта нохчашна дIаделла бохуш лелачу нехан. Иза шолгIачу дийнахь а дIаяхьа дагахь хилла цуьнан цхьаболу декъашхой дIасалохкуш дуьхьало йинера цу акцин декъашхоша. Цунна бехке болу нах лоьцуш бу хIинца ГIалгIайчохь.

Хьалхо ГIалгIайчохь лаьцна меттигера жигархо Дугиев ИбраьхIим. Иза бехке веш ву дуьхьалонан акци дIахьош ницкъаллин структурийн белхахошна тIелатар дарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG