ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьзда йоцу ишар йинчу Нохчийчуьру ММА латархочун шакарш йиттина хьовсархоша Атлантехь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчуьру ММА латархочун Имадаев Зелимна шакаш йиттина Iамеркерчу Атлантехь UFC 236 турнирехь. Цунах лаьцна яздо "Спорт Экспресс". Хьовсархоша реза боцуш гӀугӀ дарца тIеийцира цо шеца леташ волчу Iамеркахочунна хьалхара раунд дIайирзича оьзда йоцу ишар яр.

Латар дIадирзинчул тIаьхьа Нурмагомедов Хьабибан а, Имадаев Зелиман а менеджер Iабдел-Iаьзиз Iела куьйге вахийта гIоьртира и шиъ. Амма цунах гIуллакх ца хилира.

Имадаев дуьххьара дакъалоцуш вара UFC чемпионатехь. Иза дуьххьара шен каръерехь иийшира Атлантехь. Цул хьалха Fight Nights Global турнирехь 8-зза тоьллера иза латаршкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG