ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцольговн цIийнах хьоьвсинчул тIаьхьа документаш, телефонаш, видеокамераш дIаяьхьна


Муцольгов Мохьмад
Муцольгов Мохьмад

Шен хIусамехь талламаш бечу заманчохь ларамца чекхбевлла ницкъаллийн структурийн белхахой аьлла, дIахьедина гIалгIайн бакъонашларъярхочо, "Машр" организацин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада. Ишта цо билгалдаьккхина, ницкъахоша документаш а, телефонаш а, видеокамераш а дIаяьхьна хилар а.

"Документаш дIадаьхна, таIийна куьг чIагIде организацин мухIар а дIадаьхьна, сан а, хIусамненан а телефонаш а дIаяьхьна. ЦIенна а, офисна а гонах хIиттийна видеокамераш а цхьана дIаяьхьна", - аьлла, дийцина "Кавказский узел" агенталле Муцольгов Мохьмада.

ЦIийнах а, офисах а хьовса баьхкинчу ницкъахоша шаьш гIиллакхехь, ларамца гайтира, шайгара кехаташ а, талламбан бакъо а гайтира аьлла, билгалдаьккхина бакъонашларъярхочо.

"Сан хIусамех, ден-ненан, вешин цIенойх, организацин офисах хьоьвсира уьш", - дийцина Муцольговс.

"Iедалан векална дуьхьалояр" а, "къепешкахь дакъалацар" а аьлла, ши артикл яра цара шайн сацамна тIехь билгалъяьккхинарг. "Митингехь хиллий хьо хаьттира соьга. Ас хилла аьлла, жоп делира, дийцина бакъонашларъярхочо.

Маршо Радионо яздира, гIалгIайн гоьваьллачу юкъаралхочо, "МАШР" организацин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада оршотдийнахь шен Фейсбукерчу агIон тIехь хаамбарх, Карабулакерчу шен цIийнах хьовсуш бу полисхой аьлла.

"Хетарехь, сан рагI кхаьчна Евкуровн харцо лан. Карабулакера сан цIа а, офис а гоне ерзийна ницкъахоша. Коьртаниг, цаьрга кхералур дац ГIалгIайчоьнан къам, толам тхоьгахьа хир бу. Тхайн цхьааллех а, Делан къинхетамах а тешарца, оха йоьхург нийсо а, бакъо а ю", - яздинера Муцольговс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG