Оьрсийчохь бакъболу къонахий спецназашкахь бен ца бисина аьлла, дIахьедина доьзалийн хеттаршкахула йолчу Патриаршин комиссин куьйгалхочо Смирнов Дмитрийс, орцан министраллан белхахошца хиллачу къамелехь.
"30-чу шерашкахь хиллачу жимчу стагца таханалераниг вуьстича - вайн пачхьалкхехь спецназехь бен бисина бац бакъ болу стегарий", - аьллачу Смирновн дешнаш далийна "Интерфакс" агенталло.
Кху заманан оьрсийн рекруташ къонахаллица къаьсташ бац, уьш "рекрутяташ" бу аьлла Смирновс.
"Парадашкахь бIаьрг бетташ хуьлу со цаьрга - кегий, эгIаза, кIорнеш санна бу. Дела къинхетам бу, тIаьхьа мехкарий а оцу эскаршка дIаэца буьйлабелла - салтих тера бу хIинца", - хаамбина мозгIаро, Академин Ракетан эскарийн 9-чу факультетехь ша болх бечу хенахь хиллачу зеделлачух дуьйцуш.
Смирнов саготта ву, дуккхаъчу оьрсийн доьзалашкахь шайн бераш кхио дай-наной дуьхьал хиларна а. "Оьрсаша шайнаш дIа ца тосу бохуш, кинош чохь гойту, ткъа со ма Iийна кхелан пурстоьпийн Юкъараллан кхеташонан декъехь. Цундела суна хаьа, дIакхуьйсу, эхь-бехк дайна дIа-м кхуьйсу",- аьлла Патриаршин комиссин куьйгалхочо.
Ишта цунна хетарехь, хьал хийца деза школера схьа дуьйна, доьзалх дисциплина уггар коьртачех а йина.
Хьалхо Смирновс дIахьедира, 2050-чу шарахь оьрсийн бахархошлахь 50 процент хир бу бусулбанаш аьлла.
"Бусулбанаша дукха бераш дуьненчу доху. ГIезалой ца буьйцу ас, къаьсттина кавказхой бу ас буьйцурш. Нохчийн а, гIалгIайн а доьзалашкахь бархI-бархI бер хуьлу. Оьрсий кхачор бу 2050-чу шарахь. Кхузахь бехар бу кхечу къаьмнийн векалш: нохчий, гIалгIай, Iарбой", - аьлла, билгладаьккхинера мозгIара "Говорит Москва" радиостанцин эфирехь.