ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь гIалгIайн Iедалхошна дуьхьал арабевлларш дIалецна


Европерчу гIалгIаша Евкуров Юнус-Бекна дарж охьадиллар тIедожийна
Европерчу гIалгIаша Евкуров Юнус-Бекна дарж охьадиллар тIедожийна

ГIалгIайчоьнан Iедалхоша лелочу политикана резабоцуш цхьааллин пикете ваьлла виъ стаг дIалаьцна Москвахь. Тверской а, Китай-гIала а олучу кIоштийн полицин декъашка балийна лецнарш. "МБХ медиа" гIирсе пикетехь дакъалаьцначу Аушева Фатимата дийцарехь, протестхойн карахь плакаташ хилла "ГIалгIайчоьнан къам коррупцина дуьхьал ду" аьлла йоза тIехь долу.

Цо дийцарехь, уьш дIалецаран бахьана хилла, пикетехь лаьттачарна юкъахь 50 метар ца кхоччуш меттиг хилар, ткъа иза митингех долчу низамца бIостане ду. Делахь а, полисхой реза ца хилла, юкъ юста.

Хьалхо ГIалгIайчохь 60 гергга стаг дIалецира, Нохчийчоьнца ГIалгIайчоьно доза къасторна духьалбевллачарех. ХIетахь "Кавказ" олу боккха некъ дIакъевлинера митингхоша масех сахьтана. Оцу юкъанна административан дозанашкахь латточу батальонан 19 полисхо дуьхьал хилира протестхой дIасалахка, гулбеллачаьргахьа а бевлла. ТIаьхьо балхара дIабехира уьш. Ишта дарж охьадиллира республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Кава Дмитрийс а.

Шега догIучунна, республикерчу Талламан комитето бехкзуламан гIуллакхаш айдира къепе йохош, кхайкхамбарна а, Iедалан векалшна дуьхьало ярна а аьлла.

Урхаллехь хаамбира, митинган декъашхошна а, Росгвардин белхахошна а юкъахь хилла тасадаларш бахьана долуш иттех эскархочунна кеп-кепара чевнаш йинера аьлла.

Протестийн ши лидер - Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а - шина баттана чохь сацийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG