ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь ша лацар бакъ дац аьлла Дзортов Тимура


Дзортов Тимур
Дзортов Тимур

Украинан территори тIехь диверсеш лелийна аьлла, шеконашца ворхI оьрсийн къайлахчу сервисийн белхахо дIалаьцна шаьш, шайлахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун хилла гIовс Дзортов Тимур а волуш аьлла, Украинан кхерамзаллан кхеташоно бина хаам бакъ бац аьлла "Кавказ.Реалии" портале ша Дзортов Тимура.

Карарчу хенахь шен белхан меттигехь ву Дзортов, тоьхначу телефонна жоп а луш.

"Сан йоллу цIе йолуш хила тарло и стаг. Украинехь со лацарх комментари ас муха юьтур ю, ГIалгIайчохь сайн белхан меттигехь хиъна Iаш волчу", - аьлла, жоп делла Дзортовс порталан корреспондентна.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун пресс-гIуллакххоша шаьш ситуацех тIаьхьо дистхир ду аьлла "Кавказ.Реалиига".

"Хаамийн гIирсашкахь яьржина информаци толлуш ду тхо, цкъачунна тхо кхеташ хIума дац. ТIекхиинчул тIаьхьа жоп лур ду", - аьлла ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун хьехамчас Краснов Бориса.

Украинан территори тIехь диверсеш лелийна аьлла, шеконашца ворхI оьрсийн къайлахчу сервисийн белхахо дIалаьцна шаьш аьлла, хаамбинера пачхьалкхан кхерамзаллан урхалло (СБУ).

Брифингехь Iорадаьккхина цунах СБУ-н куьйгалхочо Грицак Василийс, яздора "Медиазонас".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG