ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КъахIирехь лецначу гIалгIайн студенташна тIе ца битина оьрсийн дипломаташ


Мисарарчу оьрсийн дипломатин миссин белхахойн аьтто ца баьлла оцу пачхьалкхехь лецначу гIалгIайн студенташца цхьанакхета, КъахIиран ницкъаллийн структурийн белхахоша йа набахте а, йа кхелан кхеташоне а ца битина уьш. Лецначийн гергарчара дийцина цунах "Кавказский узел" агенталле.

Маршо Радионо хааме даьккхира, кху беттан 2-чохь Мисарахь лецначу кегийрхоша мацалла кхайкхийна, шаьш маьршадахар тIедожош, аьлла. Беттан 12-чу дийнахь церан дайша-наноша Iорадаьккхира, маьнгех дIа а боьхкуш, хих хьегабо уьш аьлла.

Йолчу информацица, мацалла юкъахъяьккхира цара дахначу еаридийнахь. Лецначийн гергарчара дIахьедо, гIора эшна веаннан а бохуш. Цхьахволчу кIентан дена бакъо елира шен кIант ган, цул тIаьхьа севцира уьш мацаллин протест дIахьочуьра, дийцина Плиев Рамзанан дас.

"Цхьаберш Мисара баханера, мацалла юкъахъяккхийтархьама цаьрца къамел дан аьлла, цхьанна бен бакъо ца елира берашна тIекхача. ГIора эшна бу бахара цо уьш. Экстремизман артиклца бехкебеш бу уьш, амма бух боцуш ду тIедахкарш", - аьлла, дIахьедина агенталле Плиев Алихана.

Мисарара оьрсийн дипломаташ бен доцуш хьийза аьлла хета Плиевна. "Цкъачунна чIагIонаш яр доцург, цаьргара кхи хуьлуш гIо дац тхуна. Дукхазза яздина оха Лавровга, амма дуьхьал жоп ца яздо цо тхуна. Арахьарчу гIуллакхийн министралле, КъахIирерчу консулалле, меттигерчу гIалгIайн Iедалхошка оха гIо дехарх, дуьхьал хезарг цхьа жоп ду – оха тергонехь латтош ду гIуллакх алар", - латкъамаш бина лаьцначу кIентан дас.

Стохка Марсхьокху-баттахь дуйна лецна бу ГIалгIайчуьра КъахIирехь доьшуш хилла студенташ: Чемурзиев Исмаил а, Дугиев Хизар а, Аушев Илез а, Дзейтов Iела а, Плиев Рамазан а. Виъ жимстаг КъахIирерчу набахтехь латтош хилар къаьстира, ткъа царех цхьахволчун кхолламах хууш дац хIинца а.

XS
SM
MD
LG