ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къарлунбоцу кхераме?


Къилбаседа ХIирийчохь бина нах бехкебина Испанерчу стагана еттарна

ШолгIа бутт бу Къилбаседа ХIирийчуьра 4 жима стаг Москох лаьцна латтош волу. Церан дайш-наноша дехар дина Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думе а, чоьхьарчу гIуллакхийн министре а, хьал цхьалхадаккха аьлла. ГIуллакх чолхечу даьлла, эшам хилларг – Инохос фамили йолу испанхо – Оьрсийчуьра дIавахана хиларна.

Лацар хьокъехь хаам бина хийрачу стага

Москох Зазадоккху-беттан 19-хь Iуьйранна 4 сахьт долуш инцидент хиллачул тIаьхьа лаьцна Хутинаев Сослан а, Касаев Герман а, Казиев Игорь а, Гогичаев Денис а. Гергарчара дийцарехь, 19-20 шераш долу и 4 кIант буьйсанан клубана уллехь хилла.

"Клуб чубаха дагахь боцу уьш, цигара дIабуьйла белла", - яздо кегийрхойн дайш-наноша шаьш Пачхьалкхан Думан депутаташка а, чоьхьарчу гIуллакхийн министре а бинчу кхайкхамехь.

Гергарчара чIагIадарехь, оццу хенахь клуб чуьра араваьлла волу маситта кхечу пачхьалкхара стаг дIасатетта волавелла Хутинаев Сослан. И бахьана долуш латар доладелла, дуккха а наха дакъа а лоцуш.

Бехктакхаман гIуллакх долош бинчу сацамехь ялош ю кхин верси. Цу версица, ХIирийчуьра кегийрхойн цIеххьана цабезам кхоллабелла хилла Инохосе. Пайда боццу бахьана а карийна, хулиганалла лело лууш, цунна тIе а бахана, коьртах а, дегIах а буйнаш а, мийраш а биттина цара.

Инцидент хиллачул тIаьхьа Испанин махкахо Инохос дарбанан хIусаме вахана. Цигахь лоьрашна карийна цуьнан мара а, мочхал а кагдина хилар. Испанхочо латкъам беш кехат чуделла полице.

Латар хиллачул тIаьхьа 4 стаг дIалаьцна. Церан гергарчара чIагIдо, царна бакъо ца елла бохуш, шаьш болу меттиг шайга хаийта.

Владикавказ, лецначеран дай-наной.
Владикавказ, лецначеран дай-наной.

"Йохийна хилла церан зIе тоха йолу а, пачхьалкхан адвокат кхайкха йолу а бакъонаш, - дуьйцу дIалаьцначерах цхьанна дас Хутинаев Владимира. – Тхуна уьш лецна хиларх хаам бира хийрачу стага, нохчочо. Иза а лаьцна хиллера оццу дийнахь, амма иза сихха дIахецна хиллера, ткъа тхан кIенташа цуьнга телефонан номер елла хиллера, хилларг дийцахьара аьлла".

Гергарчара гойту лецначеран дуккха а бакъонаш йохийна хилар. Иштта, уьш лецна хилла Iуьйранна 4 сахьт даьлча, ткъа сацамехь гайтина йолу хан ю 17 сахьт 55 минот. Дай-наношна хетарехь, полицин декъехь церан бераша даьккхина 48 сов сахьт. Дуьхьал иск яла аьтто бийр болу лоьраш а ца хьовсийтина, чевнаш хилар таллам байта уьш лоцуш.

Адвокаташа дийцарехь, латар долийнарг мила ву къасто а, ларалуш хилларг мила хилла къасто а аьтто бийр болу цу инцидентан видеон юьззина верси ца гайтина царна.

"Векаллале дехарца цхьа а ца вахана"

Таллам бар чолхечу даьлла, кхо де даьлча Инохос дарбанан хIусамера араваьлла хиларна а, иза Оьрсийчуьра дIавахана хиларна а. Цунна ца хаьа шена тоьхнарг мила вара, иза букъатIехьа хиларна.

"Цунна шечара тоьхна хила а ма мега?", - жоп ца доьху хаттар ло юкъаралхочо Кокоев Таймураза.

ХIинца Къилбаседа ХIирийчуьра веъа стеган бакъонаш ларйеш ву цу республикера адамийн бакъонашкахула векал волу Валиев Эльбрус.

"Тхуна хетарехь, цигахь бехктакхаман зулам дина дац", - билгалдоккху Валиевс. – Амма талламхойн балхана юкъагIерта бакъо яц тхан. Делахь а, хаттарш дуьсуш ду. Масала, Испанин векалале цхьа а гIо доьхуш хIунда ца вахана?"

Валиевс хиллачух лаьцна хам бина адамийн бакъонашкахула йолчу федералан векале Москалькова Татьяне а, Москох векале Потяева Татьяне а, лецначу ХIирийчуьра бахархошна накъосталла деш гIо дар доьхуш.

Зазадоккху-беттан 21-чохь Москох Тверан кIоштан кхело сацам бира кегийрхой лацар хьокъехь.

"Лору цу кепара барам харжар луьра а, ткъа бехкбиллархоша лелориг харц а, кхеташ доцуш а ду аьлла", - чIагIдо наноша шайн кхайкхамехь.

Де хьалха Къилбаседа ХIирийчуьрчу 4 стаганна кхин а цхьана баттана дахдина лаьцна латтор.

Стенна тоьа шуна шайн каракхочу ахча?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG