Нохчийчуьра схьаваьлла Илаев Ахьмад маьршаваьккхина Харьковерчу талламан изоляторера. Цунах лаьцна хаам бина "Вайфонд" тобано, Украинерчу жигархочун Кожушко Николайна тIе а тевжаш.
Илаев дIавоьхуш яра Украинерчу Iедалшка Оьрсийчоьнан талламан комитет. Иза лецира Украинерчу Харков областан Лозовски кIоштахь криминалан полицино. Мичахь ву а къастийна, лаьцна Оьрсийчохь 5 стаг верна бехке лоруш волу 32 шо долу Нохчийчохь вина стаг, хаам бира цу пачхьалкхан къоман полицино шен сайтана тIехь.
Хууш ду цу стагана бехке дуьллург 2008-чу шарахь Соьлжан кIоштарчу Первомайская станицехь оьрсийн доьзал бер хилар. Дуьйцург хила мегаш ду 2009-гIа шо. "Мемориало" бинчу хамца, цу шарахь Марсхьокху-беттан 17-чу дийнахь Молодежная урамерчу 41 хIусамехь бийнера КалиниченкогIер доьзал.
Муьлш бу ца хуучу наха вийнера 5 стаг. Царна юкъахь яра 1940-чу шарахь йина хIусамнана а, цуьнан кIант Алексей а (1973), Алексейн зуда а, нуц Дмитрий а, кхин а цхьа хьаша а. Царна герз диттинера, гарехь, гIовгIа йойъу коьчалла тIехь долу. Лулахошна ца хезнера герз долуш. Дийна дисинера кхо шо кхачаза долу Алексейн ши бер.
Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша яздора и нах байаран бахьана церах цхьанна вевзина хилар дара Соьлж-ГIалахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хьалха иккхина волчу Чагиев Бесланца видео тIехь волу тIемало. Калиниченкона вевзинера иза, ткъа Iедалша и стаг сихха лехамашка веллера.
Соьлжан кIоштарчу талламан комитетан версица оьрсий байинера республикера хьал чолхечу даккха.