ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Усупашвили: 5 мегаватт тоькан станцин дуьхьа 5000 мегаватт хало кхоьллина Iедало


Гуьржийчоьнан "Кхолламаллехьа болам" политикан партин хьалханча Усупашвили Давид.
Гуьржийчоьнан "Кхолламаллехьа болам" политикан партин хьалханча Усупашвили Давид.

5 мегаватт ондалла йолу ток йоккху станцин дуьхьа 5000 мегаватт политикан хало кхоьллина Iедало аьлла, дIахьедар дина Гуьржийчоьнан "Кхолламаллехьа болам" политикан партин хьалханчо стохка хиллачу президантан харжамашкахь дакъалаьцначу Усупашвили Давида, хаам бо "Грузия онлайн" хааман агенталло.

Усупашвилис дийцарехь, ПIаьнгазарчу бахархошца "БТР-ийн а, лерринчу ницкъаллин тобанан а маттаца къамел дан" бахьана а дацара, леррина операци цу чIожехь говзалла йоцуш дIаяьхьна а яра.

Политикна хетарехь, хиллачун жоьпаллехь ю чоьхьарчу гIуллакхийн министралла. Цо лелийнарг энергетикан министралло декхарелахь йина лелийна баха мегар дац. "Нагахь кхана дешаран министро латархойн спортзал чохь ппроблема ю алахь цо цу чу а БТР хьажор ю?" - хоьтту Усупашвилис. Цо чIагIдарехь, хиллачун жоп дала дезаш ву харц гIулч яьккхинарг.

Биркиани эвлан йистехь жима электростанци йилларна дуьхьалбевллачу меттигерчу бахархойн а, полицин а тасадаларш хилла Оханан беттан 21-чу дийнахь. Меттигерчу бахархоша тIулгаш кхиссина полицин белхахошна тIе. И бахьана долуш лерринчу полицин ницкъийн тобанан белхахоша ризинин даьндаргаш а етташ, бIаьрхиш оьхуьйту газ хецна царна юкъа.

Къепедацарш хиллачу метте веанера Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Гахария Георгий. Цул тIаьхьа хаьл гIолечу делира. Министро кхайкхам бина ПIаьнгазарчу бахархошка, синтеме хилахьара аьлла. Цо дIахьедар дина, цигахь ток йоккху станци юьллур яц, нагахь цунна реза 90 процент бахархой ца хилахь аьлла.

Гахарияс билгалдаккхарехь, электростанци йилларх лаьцна хаттар кхин дIа а дийцаре дийр ду меттигерчу бахархошца цигахь белхаш бан безаш йолчу компанино.

ПIаьнгазехь хиллачу тасадаларшкахь лазийна ву 55 стаг – 38 полисхо а, 17 меттигера вахархо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG