ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бер доьхкина зуда лаьцна Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахошна бер доьхкина меттиг гучуяьлла республикехь. Болчу хаамца, зулам дина кхушара Дечкен-бутт чекхболуш.

50 шаре яьллачу ГIалгIайчуьрчу яхархочо 400 эзар соьмах хIинцца дина бер доьхкина хилла ТIехьа-Мартанан кIоштарчу яхархочун. Зуламхо лаьцна чуйоьллина талламан изоляторехь.

Талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийна хилларг бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG