ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьана Кадыровн ахча хилла Iай-те?


Алеппора Омейядан маьждиган фонехь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. (коллаж)
Алеппора Омейядан маьждиган фонехь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. (коллаж)

Нохчийчуьрчу Динан урхалло чIагIдо: мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша цхьамма ахча а луш, меттIахIоттош ду Шемара маьждиг. Ткъа факташа гойтург кхи ду.

Эзар шераш хьалха Алеппохь дина хилла Омейядовн маьждиг юхаметтIахIотториг цхьа Кадыров хилла ца Iа. Нохчийчоьнан муфтиято дуьненчуьрчу бусулбанашна хьалха цхьа нохчийн урхалхо волуш санна дуьйцу маьждигна ахча хьежориг.

"800 шо дацара Омейядовн маьждиг дина, 1300 сов шераш дара иза лаьтта. Парижера Нотр-Дам санна, доллу дуьнено меттахIоттош дац и маьждиг, цхьана стеган ницкъашца – Кадыров Рамзана хьаладеш ду", - яздина муфтийс Межиев Салахьа Инстаграмехь, гоьяьллачу францхойн килсехь цIе яьллачул а тIаьхьа.

Юккъерчу оьмарехь дина хилла маьждиг хIаллакдира Шемахь, пачхьалкхан президентан Асад Башаран эскарна а, цуьнан агIончашна а, шайлахь Оьрсийчоь а йолуш, оппозицина а юкъахь тIемаш буьйлабелча. Конфликтан шина а агIоно вовшашна тIе бехкаш тоьтту исторехь мехала гIишло йохорна.

Шемара мел лахара а 47 маьждиг хIаллакдарна бехке Асадан ницкъаш бу, 19 дохорна Оьрсийчоь, кхи а 10 маьждиг охьахарцийна Оьрсийчоьно, йа Асадан эскарша аьлла, тоьшаллаш карийнера Iамеркан эксперташна.

Оцу юкъанна аьлча, цу пачхьалкхерчу динан гIишлошна дина хилла 17 процент авиатохарш, маьждигашкахь ламазаш дечу юкъанна кхочушдина ду, оппозицин тIемалой (бусулбанаш-сунниташ) оцу маьждигаш чохь гулбеллачу заманчохь.

Талламчаша билгалдаьккхира, шайн мостагIчун тIеман ницкъаш эшорхьама, Асада а, цуьнан агIончаша хаа а хууш тIеетташ хилла бомбанаш маьждигашна.

Ала дашна, 2016-чу шеран ГIуран-баттахь Асадан эскарша схьаяьккхира Алеппо гIала.

Цул тIаьхьа, шолгIачу гурахь Кадыровс дош делира, оцу гIалара уггар шира, девзаш долу маьждиг меттахIотто ша 14 миллион долларшкахь ахча кхачор ду аьлла. Хаамийн гIирсашкахь а, социалан машанашкахь а оцу хаамна реза хилларш хиллехь а, кIезиг бацара и дIахьедар емалдинарш а. Реза цахилар билгалдаьккхира масех тезисашкахь.

Цкъа делахь, оццул "инзара" ахча маьждиг юхадан хьажор тIаламе хIума дац, оцу гIалахь йохийна школаш, дарбан хIусамаш, мацалла хьоьгуш бахархой а болуш.

ШолгIа аьлча, Нохчийчуьра ахча маьждиг юхадендеш болчу реконструктарийн кара луш дац, Асадан урхалле кхачош ду. Оцу бахьанашца, оппозицина гучуевллера Кадыровн совгIат бахьана долуш "къайлаяьхьна Iалашонаш".

КхоалгIа делахь, интернетехь хеттарш хIиттадора: стенна ца духку и миллионаш Нохчийчуьрчу бахархойн хьашташна? ТIехула тIе, дукха хан йоццуш нохчийн муфтиятан векало латкъамаш бира, "ахчанца хало" хьегарх.

Ага Ханан фонд

Шемахошна Кадыровс гIодарх Нохчийчоьнан муфтиято чIагIдечу юкъанна, оццу 2017-чу шеран гурахь кхи а цхьаммо дIахьедира Омейядовн маьждиг меттахIотто лаам бу шен аьлла. Дуьненаюкъара гIоьналлин Ага Ханан Фонд яра иза (АКДН, или Aga Khan Development Network).

Информаци:

Шиитийн 49-гIа имам ву Ага Хан. Великобританин вахархо ву иза. Цуьнан хьал масийтта миллиардаш долларшкахь дуьйцу. Юккъерчу оьмарехь цуьнан дайша урхалла дина Къилба Африкерчу Фатимидан халифатан.

Исбаьхьа архитектура Iалашъечу дуьненюкъарчу хьукмато (ЮНЕСКО) ша терго ечу меттигий могIара эцна Шемара кхийолу а историкан гIишлош а юкъа а ерзош, шуьйрачу проектийн гурашкахь, Ага Ханан Фондо стохка дIаболийра Шемахь гIишлош юхаметтахIитторан белхаш. ХIетахь дIакхайкхийра, Фондо шен чоьтера ахча ду цига хьажош аьлла. Дуьйцург дара 470 миллиард Iамеркан долларш.

Проектах жоьпалла хьучу Хаватми Радвана Италерчу Палермехь йоьдучу презентацехь билгалдаккхарца, оцу хьахийначу ахчанах дохийначу маьждиган цхьа мимар меттахIотто оьшу 25 миллион доллар. ГIишлон дисина дакъа 8-нна тIера 12 миллиард долларш гергга мах бу.

ГIоьналлин Фонд кхоьллина Ага Хан
ГIоьналлин Фонд кхоьллина Ага Хан

Кадыровс ша хьажийна боху ахча а юкъадохуьйтий-те Ага Ханан Фондо? Аьтто ца хилира "Кавказ.Реалиин" фондаца зIе таса, цунах дерг хатта Iалашонца. Амма бакъду:

- цкъа делахь, Ага Ханан гIоьналлин организацино цкъа а хьахийна дац Нохчийчуьра кхаьчначу ахчанах, йа шайн официалан сайташ тIехь а, йа хаамийн гIирсашца Шемахь болийначу белхех хиллачу къамелехь а. Мелхо а цара къаьсташ билгалдоккху, Фондо шен ахча бен дойур дац бохуш. Ткъа стохка аьхка дуьненан юкъаралле орца дийхира фондан векалша, билгалъяккхинчу сметаца чекхдовла шайн ницкъ ца кхача там бу аьлла;

– шолгIа делахь, фондан сайт тIехь билгалбаьхна бу кеп-кепарчу мехкашкара шайн финансийн партнераш, амма Кадыров Ахьмадан фонд стенна юьйцура, яц царлахь Оьрсийчуьра цхьа а организаци а ур-атталла.

Кадыровгара цхьана а кепара гIо хилла дац бохург дац иза. Масала, 2017-чу шеран гурахь Алеппон муфтийс Акем Махьмуда тIечIагIдира, маьждиг тодан аьлла, 14 миллион долларшкахь ахча Шема сехьадаьккхина аьлла.

Реконструкци йоьрзур ю цхьана шарахь, 2018-чу шеран Марсхьокху-баттахь маьждиган неIарш схьайоьллур ю аьллера Соьлжа-ГIалахь. Хетарехь, белхаш барехь цхьаъ ца нисделлачух тера ду.

Омейядовн Алеппора маьждиг, 2018 шо
Омейядовн Алеппора маьждиг, 2018 шо

Ала догIу, Шемахь Омейядан халифатан заманара, Алеппона гена йоцчу Аль-Баб гIалара важа маьждиг меттахIоттош ерг Туркойчоь ю.

Гуш ду-кх, Iарбойн пачхьалкхера хIаллакдина маьждигаш меттахIотто Кадыровс ахча хьажийнехь а, иза цхьаъ хилла ца Iа ахчанца гIо динарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG