ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цуьнан къизаллийн теш ю Нохчийчоь а, ГIирма а"


Инарла-майор Сердюков Андрей (коллаж)
Инарла-майор Сердюков Андрей (коллаж)

Нохчийн гIаттамхойх яьккхинчу Шемарчу территорешна тIевирзина керла оьрсийн буьйранча

Шемахь куп тоьхначу оьрсийн эскархойн тобанхойн куьйгалле хIоьттина карарчу баттахь инарла-полковник Сердюков Андрей. Керла урхалхо шен гонашкахь лоруш ву, хIунда аьлча, Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь а, ГIирма Оьрсийчоьнах дIатухучу операцехь а дакъалаьцна ву иза. Делахь а, вочу агIор ю цунах шемахойн кхолаелла ойла. КIезиг дац цуьнан тоьшаллаш а.

"Цуьнан къизаллийн теш ю Нохчийчоь а, ГIирма а… Шемарчу эскарийн куьйгалле Оьрсийчоьно керла буьйранча хIоттийна", - аьлла ю Шеман оппозицин "Замануль-Васль" хьосто Iорабаьккхинчу хааман цIе.

Оьрсийчоьно къаьсташ дIахьедира, Сердюковн коьрта Iалашо – туркойн эскархошца цхьана оьрсийн тIеман полицига Идлибехь деэскалаци йинчу зонашкахь ха латтадайтар ю аьлла.

Хьалхо ишта барт бинера Москвахь Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а президенташа Путин Владимира а, ЭрдогIан Реджепа а. Цхьана а кепара тIеман тасадаларш хир доцчу территори тIехь патруль латтор, дозанашка бIаьргтохар.

Сердюков дIахIоттийна ши де даьллачу хенахь "Касийюн-ньюз" гIирсо яздира: "Даккхийчу тохарша Iадийна Идлиб…Муха волавелла керла инарла Шемахь шен мисси кхочушъян", - аьлла.

Агенталло дийцарехь, кху беттан 14-чу буса оьрсийн деа тIеман кемано бомбанаш туьйхира Идлибан къилбехь а, малхбузехь а. И тохарш бахьана долуш цIарах йогура масех эвла, чевнаш йинера меттигерчу кхаа бераца болчу доьзална.

Шеман оппозицин тIаьххьарчех а, уггар а йоккхачех а лору чIагIо ю Идлиб. Оцу провинцин доккхачу декъехь а, ишта луларчу Хаман, Алеппон, Латакиин дакъошкахь а тIегулйина ю иттанашкахь вовшахтоьхна тобанаш. Царех дукхахберш кхечу регионашкара сехьабевлла бу, и меттигаш президентан Асад Башаран куьйгакIел йирзича. Цуьнан контролехь яц хIинца а къилбера а, къилба малхбалера а пачхьалкхан территореш. Амма атта дац уьш юхаерзо: Хасака провинци а, Дейр-эз-Зейран цхьа дакъа а, Ракка а, Алеппо а Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа латточу курдойн карахь ю.

Алеппон цхьа жимо дакъа туркоша дIалаьцна ду. ТIамца цунна тIегIортар – кхечу пачхьалкхна дуьхьалвалар ду.

ХIуммаъ ледара ца хьоьвзира цул тIаьхьарчу деношкахь а оьрсийн авиаци. Меттигерчу хаамийн агенталлаша тIечIагIина ца Iаш и информаци, "Шеман адамийн бакъонашкахула йолчу обсерваторис" а бакъдира.

КестолгIа хиллачух. Дахначу оршотдийнахь Идлибна а, цу гIалин йистошкахь а тIехула хьийзаш дронаш хааелира. Бомбанаш тохале хьалха, дронашца меттиг толлуш Iедал ду. Оццу дийнахь, буьйса юкъал а тIехъяьллачу заманчохь оьрсийн тIеман кеманаша 12-зза тохарш дира малхбузерчу провинцин йистешкахула. Даккхий зенаш дира оцу операцино масех фермехь. Маьршачу бахархошлахь баларш хиллий хууш дац жигархошна.

Делахь а – Оьрсийчоьно бомбанаш еттарца цхьана – баларш а, цуьнан агIончан Асадан ракета хIаллакдар а хилла.

"Шеман обсерваторис" зераш билгалдаьхна кху баттахь Идлиб провинцин кеп-кепарчу гIаланашкахь а, ишта луларчу Хамехь а беллачех а, лазийначех а.

Шена догIучу агIор Оьрсийчоьнан тIеман министралло денна бохург санна дуьйцу, Шемарчу "гIаттамхоша" хьал талхош хиларх. Буьйранчашка кхайкхамаш бо цара, "герзашца провокацеш" цаяр доьхуш.

2017-чу шеран гурахь дуьйна Iалашо яра Москван инарла-полковник Сердюков Шема хьажо. Некъан бохамехь лазийна висинера иза хIетахь. Дарбан цIийнехь масех букъдаьIахк а кагъелла, корта а лазийна аьллера цуьнан. Еххачу ханна реабилитаци ийшира инарлана.

Сердюков Шема хьажочарна гергахь ладам боллуш плюс дара, Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь дакъалацар бахьана долуш, зеделларг долуш иза хетар.

Цхьа бух боцуш дац иза а. Iарбойх юьзна оппозицин группировкаш йоцург а, Идлибехь а, цуьнан гонашкахь масийтта шераш ду нохчийн хьалханчаш а болуш, вовшахтоьхна "Аджнад аль-Кавказ", "Джунуд аш-Шам", "Имарат Кавказ", ишта кхи йолу а тобанаш лаьтта.

"Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь хIаваан-десантан полкан командиран гIовс вара Сердюков. Штабехь хиъна Iийна вац иза. Цхьа эпизод дагайогIу суна, шен взводца цхьана цо некъаш тIе герзаш детта гIирсаш дIабаьхнера. Хьакъйолу кандидатура ю иза!", - аьллера ВДВ-н 76-чу дивизин инарла-майора Попов Александра, Сердюковх лаьцна дуьйцучу заманчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG