ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

15 стаг вийна Шри-Ланкахь полицин операцехь


15 стаг, шайна юкъахь 6 бер а долуш, вийна Шри-Ланкан малхбалехь, террорхой хила мега аьлла тоба лоцуш. ПIераскан сарахь полицино талламаш бина цу гIайренехь лелхийтарш дарна бехке хила мега нах лохуш, хаам бо меттигерчу News 1st зорбанан гIирсо.

Цара герзаш диттинчу цIа чохь карийна вийна 12 стаг. Цара кхоъ терроран Iожалхо хилла аьлла хета полицин белхахошна. Цу сов йийна 3 зуда а, 6 бер а. Гергазаш деттарехь вийна кхин а 3 стаг.

Оханан-беттан 20-чу дийнахь Шри-Ланкахь маситта эккхийтар дина. Iожалхоша тIелатар динера керстан килсашна а, кхечу пачхьалкхашкара туристаш беха хьешан хIусамашна а. И зулам шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG