ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн тутмакхийн тхьамда маьршаваккха кечвеш ву


Кху шеран ГIадужу-баттахь набахтера араволу тутмакхийн тхьамда лоруш волу Домбаев Ахьмад ("шелахо Ахьмад") аьлла, хаамбо "Росбалт" хьостано.

Челябинскан кIоштан Копейск гIалин кхело сацам тIеэцна тутмаккхийн авторитет Домбаев Ахьмад маьршаваьккхинчул тIаьхьа административан терго йийр йолуш цунна тIехь 8 шарахь. Оцу бахьанца кху шеран гурахь "криминалан инарла" аравоккхуш ву колонера. Домбаевс хан токхучу набахтин векалша дIахьедарца, колонехь хIиттийна долу низамаш талхадо цо, цундела цаторийла ю, цо доккху 8 шо "тIаьхь административан терго а латтош" даккхийта.

Оцу билгалъяьккхинчу хена чохь цунна дихкина хир ду буса 10 сахьт даьлча Iуьйранна 6 даллалц ша вехачу хIусамера дIасавалар а, ишта кIоштара аравалар. Цул совнаха, баттахь шозза кIоштан полисхойн декъе куьйгъяздан ван а дезар ду.

"Росбалтан" хаамца, Домбаев набахтера араваьллачул тIаьхьа Нохчийчуьрчу криминалан гонашкахь баккхий хийцамаш хир бу: нохчийн зуламхойн тобанийн хьалханча хила а тарло иза.

Ишта Домбаевс хийца тарло йохка эцаран бизнесехь болчу нехан таронаш, гатйийр ю азербайджанхойн кланаш а.

Набахтехь даккха 10 шо кхайкхийнера Домбаев Ахьмадна, кир лелочу еа машенашкахь Китайн компанино Москва чуеана мачаш низамаш хьоьшуш, шена ерзорна. ХIетахь "шелахочо Ахьмада" а, ФСБ-н хиллачу белхахочо Журнавлев Евгенийс а схьаяьхнера мачаш, контрабанда ю а аьлла, цул тIаьхьа юхайоьхкинера уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG