ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юьхь лачкъош духарш лелор дихкина Шри-Ланкехь


Юьхь къовлуш бедар лелор доьхкуш низам юкъадаьккхина Шри-Ланкехь. Бахархойн идентификаци ян а, цхьа могIа теракташ динчул тIаьхьа зуламхой леца ка ялийта Iалашонца цу кепарчу омрана куьйгъяздина пачхьалкхан президенто Сирисен Майтрипала. The Times of India хьостано бина и хаам.

Президенто билгалдаьккхина, чолхечу хьолан ражан низамийн гурашкахь беш барам бу иза аьлла.

Кху беттан 21-чохь 8 эккхийтар дира Шри-Ланкехь, ишта керстан динан килсашкахь а, езачу отелашкахь а. 250 гергга ву цу зуламехь велларг.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша шайна тIелаьцна жоьпалла. Дахначу кIирандийнахь лелхийтаршна бехке хеташ лаьцна ши стаг. Верриг а теракташ бахьанехь дIалецира 100 сов стаг, шайлахь Шемара а, Мисарара а баьхкинарш а болуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG