Дагестанерчу къайлахчу сервисаша кху беттан 4-чохь хаамбина, Махачкалан аэропортехь террорхо лаьцна шаьш аьлла. Урхаллан информацица, фильтрацин барамаш дIахьочу хенахь "Стамбул-Москва" догIучу кеманчохь хилла Туркойчоьно депортаци йина Дагестанерчу Ногайскан кIоштара 31 шо долу Джамалов Бийсолта. Оьрсийчоьнан федералан лехамашкахь хилла иза, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошца уьйрашкахь хилла ву аьлла.
ФСБ-н хаамца, хеттарш динчул тIаьхьа къаьстина, 2016-чу шеран гурахь дIавахна 2019 шеран Дечкен-бутт баллалц Шемарчу тIамехь хилла иза хилар. "Джебхат-ан-Нусра" олучу радикалан тобанца лелла ву иза.
ТАСС агенталло яздарца, байначу беттан 26-чохь лаьцна ву Джамалов, карарчу беттан юьххьехь бен Iора ца даьккхинехь а. Оццу рейсца йогIучу Буйнакскерчу Уцумиева Разиятна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, даIишхошна гIо латтийна ю аьлла.
ТАСС агенталлан хьосташа даредарца, 300 эзар сом вовшахтоьхна, Шемахь яьржинчу дуьненаюкъарчу экстремистийн организацийн банкан картанаш тIе дехьадаьккхина цо гулдина ахча.