ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан кеманаша Идлибехь бомбанаш йиттина аьлла бакъонашларъярхоша


Оьрсийн а, Шеман а кеманаша Хаман а, Идлибан а провинцешка бомбанаш йиттина аьлла хаамбина, Лондонехь куп тоьхначу адамийн бакъонашкахула йолчу Шеман центро. Бакъонашларъярхойн информацица, байначу беттан 30-чу дийнера схьа 69 стаг ву вийнарг.
Димаьшкъахь дIахьедина, жихIадхойн объекташ хIаллакъян Iалашонца дина тохарш ду аьлла.

Шема пачхьалкхан SANA агенталлан хьосташа Iорадаккхарехь, деэскалацин барт исламхоша бохийна аьлла, тIейиттина ю бомбанаш. Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран организацино хаамбина, оцу кIошташкахь кхоъ дарбан хIусам а, масийтта школа а йохийна аьлла.
"Белые каски" организацино дуйцу, 130 эзар сов стаг араваьлла Хаман а, Идлибан а провинцешкара, маьршачу меттигехь тховкIело лоьхуш аьлла.

"Тахрир аш-Шам" тобано а,Туркойчоьно латточу "Национальный фронт за осовобождение" цIе йолчу тобанаша а контрол латтош ю Хамехь а, Идлибехь а.

Шемарчу радикалан исламхошца тIом болийра 2014-чу шарахь дуьненаюкъарчу коалицино, коьртехь Iамерка а йолуш. Шеман демократин оппозицин ницкъашкахьа ю коалици.

2015-чу шеран гурахь Шемахь дIайолийра Оьрсийчоьно шен тIеман кампани. Москва масийттазза бехкейира коалицино, Малхбузен пачхьалкхаша адамийн бакъонаш йохош ву аьлла, емалвечу президентан Асад Башаран режимна гIо латтош ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG