ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даккхий зенаш хилла Ойсхарахь цIе а яьлла


Нохчийчоьнан Гуьмса кIоштарчу Ойсхарахь гIишлошъяран гIирс бухкучу рагIойх цIеяьлла шоьтадийнахь, йохкархошна даккхий зенаш а деш. Муха летта цIе, ларамаза нисбелла бохам, йа леррина дина зулам ду, толлуш, зераш долийна талламхоша.

Маршо Радионе хиллачу бохамах дуьйцучух цхьаммо дIахьедарца, кхерамзаллана оьшшучу кепехь ца хилла оцу гIишлошчохь ток лелоран, меттиг цIарх Iалашъяран хьелаш.

Лазийна, велла стаг вац, хиллачу зенан хьесапаш деш бу Ойсхарара йохкаэцархой.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG