ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

100 сов прокурор а, талламхо а чувоьллина Оьрсийчохь стохка


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

104 прокурор а, талламан комитетан белхахо а чувоьллина Оьрсийчохь криминалан зуламаш дарна 2018-чу шарахь, хаам бо РИА Новости агенталло, Лаккхарчу Кхелан суьдийн департаментан статистикана тIе а тевжаш.

Уггар даьржина зулам ду цара диначарах кхаьънаш эцар а, кхаьънаш далар а (25 стаг), ткъа иштта сутараллица доьзна нах Ӏехор а (15 стаг).

Прокурораша а, талламан комитетан белхахоша а динчу зуламашна юкъахь ду тоьшаллин кехаташна тӀехь харцо яр а, ледарлонаш ялийтар а, шайх тешина ахча харцонца дайар, урамашкахула леларан бакъонаш йохор а, ткъа иштта тешаш бина гайтамаш харцхьабахар а.

Уггар дукха чубоьхкинарш бу суьдан департаменто "адвокаташ а, нотариусаш а, аудиторш а" аьлла цIе тоьхначу категорера нах. Царна юкъахь сутараллица доьзна нах Ӏехорна хан тоьхна ву 61 стаг.

Уггар кIезиг бу стохка чубоьхкинчу кхелан системица боьзначу нахана юкъахь суьдхой а, суьдийн белхахой а – 6 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG