ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мехкарийн" таксеш гучуевлла Соьлж-ГIалин урамашкахь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Леррина зударий дIасалелон таксин сервис болх бан йолаелла Нохчийчохь. Машенашна урхалла дийраш а бу зударий.

Цкъачунна Соьлж-ГIаларчу урамашкахь гучуяьлла "Мехкарийн" компанин 5 машен. Гергарчу хенахь церан терахь алсамдоккхур ду 20-га кхаччал, хаам бо "Грозный" телеканало.

Дийцарехь, Нохчийчуьрчу зударийн таксин компанино шен филиалаш схьайоьллур ю ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а.

Болчу хаамца, цу таксешна тIехь болх бан дIаоьцу лаххара 3 шарахь машен лелийна стаж йолу зударий. Уьш чекхбовлу компанин инструкторан экзаменах, дIало психологин тесташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG